Праздничное мероприятие, посвящённое Дню чеченского языка «Бекалахь Ненан мотт!

26.04.2024

Знаменски №10 йолчу гимназехь оханан беттан ткъе пхоьалг1ачу дийнахь лаккхарчу т1ег1анехь д1адаьхьира Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар.Дешархоша дагна шатайпа хьаам беш йоьшура ненах а, маттах а, Даймахках а байташ, локхура эшарш. Иштта хаза дара хелхарш. Вайн мотт хаза а, говза а меттан забаршкахь хилар а гайтира цара. Дала мукъ лахь, вайн Даймахкахь дехар ду ц1еначу ненан маттахь иллеш-эшарш, хезаш хир бу ц1ена буьйцуш нохчийн мотт!